Нохчий мотт-дахаран хазна
13.03.2023Семинара-практикум на тему: «Нохчий мотт-дахаран хазна»
Подготовила и провела: старший воспитатель Дельмуханова А.Н.
Дата: 13.03.2023 год.
1алашо:
-вайн мотт уггаре а исбаьхьчу, хазачу меттанех цхьаъ хилар довзийтар;
-вайн а, кхечу къаьмнийн а яздархоша а, 1илманчаша а нохчийн меттан хадийна лакхара мах бовзийтар;
школацхошн дегнаш чу шайн ненан матте бовха безам кхоллар.
Цхьанакхетар д1адахьаран кеп:
1.Выступлени семинар дахьочун Дугаев З.А.
2.Доклад «Ночийн мотт сан дозалла» Умаева Я.В.
3.Къовсам «Исламан-1илманча»
4.Байт шолог1ч «Незнайка» олуч группи берш
5.Доклад «Ларбе мотт, хазбе и.» Бачаева Э.А.
6.Илли «Нана Деймохк»
Хелхар шолог1ч олучу группер бераш «Медвежаташ»
Ведущий:
1.Де дика дойла массеран а. Марша дог1ийла шу!
Вай тахан лера цхан кетар 1алашо ю
-вайн мотт уггаре а исбаьхьчу, хазачу меттанех цхьаъ хилар довзийтар;
-вайн а, кхечу къаьмнийн а яздархоша а, 1илманчаша а нохчийн меттан хадийна лакхара мах бовзийтар;
школацхошн дегнаш чу шайн ненан матте бовха безам кхоллар.
Адамаш кхетош-кхиорехь а ондда г1ирс бу мотт.
Нена матто 1амадо вай Даймохк беза, цо 1амадо вайна нохчийн оьзда г1иллакхаш, , Цо 1амадо вай Дуьненан а, Адаман а хазалла йовза.
Ночий маттан лерин доклад ешар ю вайн куьгалхочун куьгаметтаериг Умаев Яхитас.
Доклад
Ведущий
Нохчийн мотт! Муьлхачу меттанел и оьшуш бу?
Муьлхха а ирча дов ахь дерзош ду, муьлхха а паччахьца и бийца хьакъ бу.
Муьлхха а йо1 1ехош и мерза бу. Чов ерзош дагна и дарбане бу.
Муьлхха а б1аьрг белош забаре бу. Ц1е яхна поэташ цецбаьхна хилча, вайн меттан хазалла х1унда ца го вайна? Вуьззина къонахчо и буьйцуш хилча.
Хьинца вайн Исламан 1илманча ц1е йолу къовсам гойтар бу Бачаева Элизас ше тобанца.
Ведущий:
Хазачу вайн матто лайх эла во. Амма мел дарже кхачарх хир вац – кх лоруш хьо, хьо хилча сийсазбеш хьайн ненан мотт.
Вайн хьинца Байт йошар ю 1амархочо Тепсаев Зелипатас ше кхиархошца хьалхара йокха группера «Фиксикишц»
Ведущий:
Къаьхьа хуьлий- дог лахьош, довха хуьлий – ц1е латош, ира хуьлий – г1ала еш, д1аьвше хуьлий – х1аллаквеш, къонах хуьлий – лар хьо веш, мостаг1 хуьлий – човхавеш.
Бехийла ненан мотт!
Доклад «Ларбе мотт, хазбе и ..» Бачаева Элизас
Ведущий
Маьлхан дуьне къагадеш, баланех вай лар а деш, массо бер а ирсе деш!
Бехийла вайн ненан мотт!
Хьинц вай Нена маттан леран «Дай мохк» ц1е йолу илли эрду Кхиорхоша бери бешар ц1е йолу«Малх».
Ведущий:
Вайн мотт бу 1аламал ч1ог1а
Хьекаъале цо йоьг1на лард,
Доккху цо къайлеийн дог1а
Къамнашлахь цо кхуллу барт.
Хьоме доттаг1ий! Цу т1ехь чекхдолу вайн цхьанакхетар.
Вай цхьанкехарт д1а дерзош хелхар дир ду кхиорхоша юкхерачу группера «Медвежаташ»
1одика йойла шун, марша 1ойла!